1Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета — Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
2Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.
3«Амма шу — тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!
4Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу?
5Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу.
6Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со?
7Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха.
8НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна.
9Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь — ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш.
10Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.
11Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар?
12Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна — царах хьуна пайда бер бац.
13Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
14Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
15ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а — Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
16Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.
17Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.
18Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу.
19Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, — боху Везачу Эло. — Ас тодийр ду халкъ.
20Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу.
21Ӏесачарна машар хир бац», — боху сан Дала.