17ЦӀастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цӀаста а, тӀулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тӀехьожург.
18Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тӀехь, дохор а, хӀаллакдар а — хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КӀелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах — Хастам.
18
19Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.
20Хьан малх цкъа а дӀабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду.
21Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгӀна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
22КӀезигчух эзар адам схьадер ду, уггар гӀийлачух — онда халкъ. Со ву Веза Эла. Шен хеннахь Ас сихдийр ду иза хилийта».