1Цийонан дуьхьа дӀасоцур вац со, Ярушалайман дуьхьа тийна Ӏийр вац, цуьнан нийсо, Ӏуьйренан серло санна, гӀатталц, цуьнан кӀелхьаръялар, хаьштиг санна, серлаяллалц.
2Халкъашна хьан нийсо гур ю, массо а паччахьашна — хьан сийлалла. Хьуна керла цӀе туьллур ю, Везачу Элан багара схьаер ю и цӀе.
3Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо, хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю.
4Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДӀатесна дерг». Хьан цӀе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела.
5Жимачу стага йоӀстаг ма-яллора, хьан кӀенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву.
5
6Хьан пенаш тӀехь хехой хӀиттор бу Ас, Ярушалайм. Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац. Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш, дист а ца хуьлуш ма Ӏелаш.
7Цуьнга са ма даӀийта, Цо Ярушалайм юхаметтахӀоттаяллалц, цунах Цо дуьненан сийлалла яллалц.
7
8Везачу Эло чӀагӀо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагӀашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагӀар а мер дац, ахь шена тӀехь болх бина долу.
9Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагӀар Сан дезачу цӀийнан керташкахь».
9
10Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тӀулгаш дӀадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна!
11Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц: «ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».
12«Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах, ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.