ЕшаӀ-ЯхӀу 7:1-25 CHE2012 - Bible AI

1Ӏузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан [5] паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.

2Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца [6] цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.

3Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб [7] а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а.

4Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш — Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела.

5Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху:

6‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.

7Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хӀума лаьттар дац, и гӀуллакх кхочушхир дац,

8хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.

9Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».

10Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира:

11«Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».

12Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».

13ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу?

14Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал [8] туьллур ю.

15Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц.

16И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.

17Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду — Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.

18Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий [9] а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.

19Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.

20Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца — Ашурхойн паччахьца — шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.

21Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац,

22амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.

23Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю.

24Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю.

25Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».