1Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг, къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг, кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!
2Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг, царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!
3Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.
4Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.
5Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац. Къинош летораш а хилалур бац Делан лаамехь болчеран гуламехь.
6ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо, ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.