1 [4] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХӀунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тӀема а далий, шайн лома тӀе дӀагӀо?
2Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина, шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра, боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама.
3ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара, шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?»
3
4Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву, Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю. Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу, дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу.
5Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а, ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.
5
6Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а, догӀа санна, охьаӀанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.
7Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю.