Забур 100:1-8 CHE2012 - Bible AI

1 [119] Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю, Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.

2Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе?

2ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.

3Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац. Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза. И хӀуманаш суна тӀелетар дац.

4Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю. Вон хӀуманаш суна девзар дац.

5Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дӀасовцор бу. Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац.

5

6Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш, уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама. ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга — цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.

6

7Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац. Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.

8ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу махкахь болу массо а Ӏесанаш. Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу берриш а харцонаш лелош берш.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>