Забур 105:1-48 CHE2012 - Bible AI

1 [127] Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

2Везачу Эло мел дина сийлахь гӀуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггӀу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?

3Декъала ву бакъдерг лардеш верг, массо а хенахь нийсо лелош верг.

3

4Веза Эла, Айхьа Хьайн къомана диканиг дича, суна а дехьа иза, Айхьа уьш кӀелхьарбохучу хенахь, суна а орцахвалахьа.

5Ахьа хаьржинчеран хуьлу беркат суна гайтархьама а, Хьан къомаца цхьаьна соьга сакъерийтархьама а, Хьан долахь болчаьрца соьга а Хьох дозалла дайтархьама а.

5

6Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Ӏеса а лелла тхо.

7Тхан дай Мисар-махкахь болчу хенахь, Хьан тамашийначу хӀуманех уьш ца кхийтира, Хьан безам шайна мосазза гойту дага а ца догӀуш, уьш Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна дуьхьалбевлира.

8Амма Цо уьш Шен цӀе бахьана долуш кӀелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дӀагайтархьама.

9Цо Эрзийн хӀордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гӀум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дӀабигира.

10Цо уьш цабезачийн куьйга кӀелара схьабехира, мостагӀех уьш кӀелхьар а бехира.

11Хино къайлабехира церан мостагӀий, царах цхьа а кӀелхьар а ца велира.

12ТӀаккха Цо йинчу чӀагӀонех уьш тийшира, Цунна хастамийн эшарш а лоькхура.

12

13Амма кестта Цуьнан гӀуллакхаш царна дицделира, Цуьнан хьехамашка а уьш ца хьоьжура.

14Яьссачу аренгахь уьш лаамех буьзира, эрначу оцу аренгахь цара Дела зийра.

15Цара дехнарг Цо царна дӀаделира, амма шатайпа долу хала ун царах кхетийтира.

15

16Меттаматтара нах Мусах хьега буьйлабелира, Далла гӀуллакх дан къобалвинчу АхӀаронах а хьийгира.

17ТӀаккха лаьтто, дӀаса а декъаделла, Датан дӀакхаьллира, Абирамна тӀаьхьахӀоьттина тоба лаьтто дӀайоьллира.

18Царна тӀаьхьахӀиттинчарах цӀе елира, Ӏеса мел берш алуно дӀакхаьллира.

18

19Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгӀа йира, лалийначу деших винчу оцу цӀунна Ӏибадат а дира.

20Цара шайн сийлалла йолу Дела хийцира буц Ӏуьйшуш лаьттачу стеран суьртах.

21Цара шаьш кӀелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хӀуманаш дина волу,

22Хьамин тӀаьхьенийн лаьтта тӀехь Ӏаламаташ дина волу а, Эрзийн хӀорд болчохь ларамах бузуьйту хӀуманаш дина волу а.

23Везачу Эло уьш хӀаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дӀахӀоьттира, Везачу Элан дералла нах хӀаллакбечуьра дӀа а ерзийра.

23

24ТӀаьхьо церан дог делира исбаьхьачу лаьттах, Дала йинчу чӀагӀонах уьш ца тийшира.

25Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугӀуш.

26ТӀаккха Цо айдинчу куьйгаца царна чӀагӀо йира, уьш яьссачу аренгахь балийта а,

27церан тӀаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дӀасаяржо [128] а, уьш хийрачу мехкашкахула дӀасакхисса а.

27

28ТӀаккха цара ПаӀорехь волчу БаӀал-цӀунна Ӏибадат дарехь дакъалоцура, шайна чохь дахар доцучу харцделанашна даьхначу сагӀанех хӀума йоура.

29Шаьш лелориг бахьана долуш Дела оьгӀазъоьхуьйтура цара, тӀаккха царна тӀе ун доьссира.

30Амма Пайнехьас, дӀа а хӀоьттина, юкъарло йира, тӀаккха и ун дӀасадаьржачуьра сецира.

31Цо иза бакъахьара гӀуллакх санна лерина, массо а ханна, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка.

31

32Мерибан хиш долчохь адамаша Веза Эла оьгӀазвахийтира, ткъа уьш бахьана долуш, Мусана бохам баьккхира.

33Цара Мусан синна халахетийтира, ткъа цо, ойла а ца еш, бага туьйхира.

33

34Везачу Эло цаьрга халкъаш хӀаллакде аьллера, ткъа цара и тӀедиллинарг кхочуш ца дира.

35Мелхо а, уьш кхечу къаьмнех болчу нахах дӀакхийтира, царна юкъахь лелаш долу гӀиллакхаш а шайна Ӏамийра.

36Церан цӀушна Ӏибадат а дора цара, тӀаьххьара а царах гур а хилира царна.

37Цара шайн кӀентий а, йоӀарий а жинашна сагӀина дӀалора.

38Цара бехк боцу цӀий Ӏанадора, шайн кӀентийн а, йоӀарийн а цӀий, уьш канаӀанхойн цӀушна сагӀина дӀа а луш. Церан цӀий бахьана долуш латта бехдира цара.

39Цара шаьш бехдира шайн гӀуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш.

39

40Цундела оьгӀазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.

41ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.

42МостагӀаша гӀело йора царна, церан куьйга кӀелахь уьш къера хилла дӀахӀиттира.

43Везачу Эло дукхазза а кӀелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кӀорга чубахара.

44Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.

45Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.

46ТӀаккха уьш йийсарехь латтош мел болчаьрга Цо царах къинхетам бойтура.

46

47КӀелхьардахахьа тхо, тхан Веза Дела, схьагулдехьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьайн цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.

47

48Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!»

48Хастам бу Везачу Элана!

Institute for Bible Translation, 2012
div>