1 [129] Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
2Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,
3хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара — малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара [130] а.
3
4Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара, шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.
5Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.
6Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
7Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира, шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
8Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
9Цо хьогуш верг Ӏаба а во, меца верг диканца вуза а во.
9
10Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара, аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
11хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
12Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра, уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
13Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
14Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира, церан буржалш доха а дина.
15Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
16ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
16
17Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш, шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
18Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера, уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
19Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.
20Цо Шен дашца дарба а дира царна, хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.
21Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
22Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.
22
23Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.
24Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
25Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду, яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.
26Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.
27Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш, лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.
28Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
29Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра, тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.
30ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара, ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.
31Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
32Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла, къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.
32
33Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.
34Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.
35Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо, ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.
36Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.
37Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь, кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу, цигара шортта ялта схьа а гулдо.
38Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо, церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.
38
39ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.
40ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту, уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
41Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху, цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
42Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу, ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
42
43Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла, Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.