7Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа, оха дина доӀа дӀа а хазахьа, Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.
7
8Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю, ЯхӀуд-мохк — Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10Муаби-мохк — Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дӀагайтархьама. ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».