Забур 11:1-9 CHE2012 - Bible AI

1 [5] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.

2КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.

3ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.

3

4Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!

5Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»

5

6Везачу Эло боху: «ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».

6

7Везачу Элан дешнаш — цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду.

7

8Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо, оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.

9Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела, массара а зуламениг хесточу хенахь.

Institute for Bible Translation, 2012
v>