Забур 110:1-10 CHE2012 - Bible AI

1 [134] Везачу Элана бу хастам! А са [135] вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара, баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.

2В езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду! ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.

3Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду, ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.

3

4З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.

5К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.

6М асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла, ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.

6

7О нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг. Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.

8Р ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна, и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.

9Т утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ, хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!

10Ш аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.

Institute for Bible Translation, 2012
div>