1 [136] Везачу Элана бу хастам! А лсам [137] декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.
2В уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.
3Д у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю, ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.
3
4З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а, иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.
5К омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.
6М еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а. Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.
6
7О рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац. Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.
8Р еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду, са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.
9Т оам боллуш дӀало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.
10Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.