Забур 113:1-26 CHE2012 - Bible AI

1 [139] Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,

2ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.

2

3Иза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира.

4УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.

4

5ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда? Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?

6Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна, ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?

6

7Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха, Якъубан Далла хьалха дегаде.

8Цо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо, иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.

8

9 [140] Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш, амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла, Хьайн хедар боцу безам хилар а, Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.

10Кхечу къаьмнех болчара стенна боху: «Мичахь ву церан Дела?»

11Тхан Дела стигалахь ву, Цо Шена луъург а до.

12Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.

12

13Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.

14Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.

15Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу.

16Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.

16

17Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.

18Ва АхӀаронан тӀаьхье, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.

18

19Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш, Везачу Элах тешна Ӏаш хила! Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.

19

20Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду, Цо вай декъалдийр ма ду: Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду, АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.

21Цунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу. Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.

21

22Везачу Эло шу дебадойла, шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!

23Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо.

23

24Стигал Везачу Элан долахь ю, ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.

25Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац, Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.

26Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу, хӀинца дуьйна абаденналц.

26Везачу Элана бу хастам!

Institute for Bible Translation, 2012
div>