2
3ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана Цо суна мел динчу диканна дуьхьал?
4Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш, Ас чагӀаран кад хьалаойур бу, доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву.
5Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана дерриг а Цуьнан халкъана хьалха.
5
6Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар!
7Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву, со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву. Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех.
8Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду, иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву.
9Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а, дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха,
10Везачу Элан цӀийнан керташкахь, хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала!