1 [150] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.
2Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах.
2
3Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хӀун дийр ду те? Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?
4ТӀемалочун ирачу пхарца а, жӀоламах богуш болчу кӀегаца а Цо таӀзар дийр ду шуна.
4
5Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой [151] санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.
6ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.
7Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тӀамана кийча хуьлу.