Забур 120:1-8 CHE2012 - Bible AI

1 [152] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо, сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.

2ГӀо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу.

2

3Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг.

3

4Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг.

5Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.

6Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.

6

7Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.

8Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а Везачу Эло ларвийр ву хьо хӀинца дуьйна абаденналц.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>