1 [153] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».
2Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
2
3Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна, чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.
4Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.
5Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.
5
6Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!
7Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»
8Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»
9Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа хьуна диканиг хуьлийла доьху ас.