Забур 122:1-4 CHE2012 - Bible AI

1 [154] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг!

2Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара, зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара, вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай, Цо вайх къинхетам баллалц.

2

3Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа, хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха.

4Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а, куралла ечара тхо аьшнаш дар а.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>