Забур 123:1-8 CHE2012 - Bible AI

1 [155] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь,

2мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хӀун хилла хир дара те вайх?

3Шаьш дарбеллачу хенахь мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх.

4Дистина тӀедогӀучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай.

5Карзахдаьлла долчу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай».

5

6Декъала ву вай мостагӀашка хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла!

7РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна, кӀелхьардевлла вайн синош. И речӀа хада а еш, вай дӀасадевдда.

8Везачу Элера ду вайна гӀо — Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>