Забур 124:1-5 CHE2012 - Bible AI

1 [156] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву. Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.

2Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.

2

3Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь куьйгалла дар даим дуьсур дац, суьпачу нахе шайн куьйгаш зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.

4Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна — цӀена дегнаш долуш болчарна.

5Амма харц новкъа бевллачарна — Везачу Эло таӀзар дойла харцонаш лелочаьрца цхьаьна.

5Исраилна тӀехь машар хуьлийла!

Institute for Bible Translation, 2012
iv>