1 [157] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча, тхо гӀенах лелаш санна дара.
2Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»
3Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина, цундела тхо сакъералуш дара.