1 [158] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь, гӀаролан сема хилар эрна ду.
2Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а, хан яллалц Ӏар а, хьацарца даьккхина бепиг даар а. И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь [159].