Забур 127:1-6 CHE2012 - Bible AI

1 [160] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!

2Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.

3ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.

4Иштта декъал хир ву Везачу Элах кхоьруш волу стаг!

4

5Цийон-лам тӀера [161] Везачу Эло декъалвойла иза. Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна массо а цуьнан дахаран деношкахь.

6Шен берийн бераш а гойла цунна.

6Машар лаьттийла Исраил-махкахь!

Institute for Bible Translation, 2012
iv>