1 [162] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, — дӀаолийла Исраилан халкъо. —
2Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, амма суна тӀехь толам ца баьккхина.
3Сан букъа тӀехь охана дина, ахархоша деха хершнаш даьхна.
4Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».
4
5Эхь а хетта, юхабовлийла Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу Делан цӀа ца дезаш болу берриш а!
6Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тӀера буц санна хуьлда уьш.
7Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац, ткъа цӀов боьхкуш волчо — шен кана.
8Уллохула тӀехбовлучара эр дац: «Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла! Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!»