1 [163] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла.
2Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз. Суна къинхетам баран дехаре ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш.
3Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дӀаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те?
4Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта.