Забур 13:1-7 CHE2012 - Bible AI

1 [7] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хӀума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах.

2Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.

3Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац.

3

4Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?

4

5ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.

6Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту!

6

7Исраилан халкъана кӀелхьардалар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча, Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.

Institute for Bible Translation, 2012
v>