1 [167] Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.
2Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша.