Забур 135:1-26 CHE2012 - Bible AI

1 [169] Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

2Баркалла ала деланийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

3Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

3

4Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

5Баркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

6Баркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

7Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)

8царах малх дийнан Ӏуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)

9бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

9

10Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

11Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу)

12нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

13Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

14Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

15Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

15

16Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

17Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

18Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна: — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

19Эмархойн паччахь Сихьон а, — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

20Башанан паччахь ӀовгӀа а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

21Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

22Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

22

23Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

24Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

25Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.

25

26Баркалла ала стигалийн Далла — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!

Institute for Bible Translation, 2012
div>