12Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.
12
13ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду. Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.
14Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.
15Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.
16Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале.
17Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш, мел дукха а ю-кха уьш!
18Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду. Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.