1 [174] Даудан назма. Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача, ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа.
2 Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла.
2
3 Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа, сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа.
4 Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу, харцонаш лелочу адамашца цхьаьна зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со. Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со.
4
5 Дикачу стага суна таӀзар дойла — иза безам хиларца ду. Цо со нисвойла — сан коьртана долу даьтта иза ду. Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла! Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду.
6 Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь, нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла.
7 Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш.
7
8 Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са!
9 Суна йоьгӀначу речӀанех а, харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со.
10 Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла, ткъа со маьрша дехьаволийла.
Institute for Bible Translation, 2012