Забур 141:1-7 CHE2012 - Bible AI

1 [175] Даудан хьехаме назма. Хьехахь волуш цо дина доӀа. Аз хозуьйтуш, Везачу Эле кхойкху со, аз хозуьйтуш, Цуьнга доӀа до ас.

2Сайн латкъам ас Цуьнга балхабо, Сайн гӀайгӀа ас Цунна йовзуьйту.

3Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагӀаша къайлаха суна гур боьгӀнера.

4Со аьтту агӀор хьожу, амма массара а со цаларар го суна. Сан тӀетевжийла дӀаяьлла, сан синан гӀайгӀа беш цхьа а вац.

5Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чӀагӀонан меттиг а, дийначийн лаьтта тӀера сан дакъа а Хьо ду».

6ДӀахазахьа сан тийжам, гӀора кхачийна-кх сан. Сайн мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со, сол нуьцкъала бу-кх уьш.

7Боданера сан са арадаккхахьа, Хьайн цӀе соьга язъяйта. Суна гонах Делан лаамехь берш гуллур бу, Ахь Хьайн дика болх суна бина дела.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>