Забур 144:1-21 CHE2012 - Bible AI

1 [178] Даудан хастаман назма. А с [179] хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела. Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.

2Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш, Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь.

3В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.

4Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду, цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.

5Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах. Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас.

6Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха, ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду.

7З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю, Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара.

8И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла, атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.

9К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза.

10Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.

11М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна, Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара,

12Н ахана массарна а Хьан ницкъ а, Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта.

13О лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду. П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза.

14С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло, ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо.

15Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу, Ахь царна шен хеннахь кхача ло.

16У ьш массо а вузаво Ахь, Хьайн куьйгаш схьадиллича.

16

17Х ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла, массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву.

18Ц Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна, массарна уллохь ву Веза Эла.

19Ч ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо, церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху.

20Ш а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо.

21Ӏ аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу. ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь.

Institute for Bible Translation, 2012
div>