1 [181] Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!
2Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.
3Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву.
3
4Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.
5Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан.
6Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.
6
7Баркаллица Везачу Элана назманаш ала. Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.
8Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.
9Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.
9
10Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.
11Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а, Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу.