Забур 147:1-9 CHE2012 - Bible AI

1 [182] Хаставе, Ярушалайм, Веза Эла, хаставе, Цийон, хьайн Дела,

2хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо.

3Хьан дозанашкахь машар а латтабо, уггар тоьллачу кӀенаца хьо Ӏаба а йо Цо.

3

4Шен омра лаьтта тӀе хьажадо Цо, Цуьнан дош цига сиха доьду.

5ЮргӀа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дӀасакхуьссу.

6ЖагӀа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?

7Цо Шен дош дахийтича, дерриг а дешна дӀадер ду. Цо мох тоьхча, хиш дӀадуьйлалур ду.

7

8Цо Шен дош Якъубан тӀаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тӀедехкинарш а — Исраилан халкъана.

9И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тӀедехкинарш.

9Хастам бу Везачу Элана!

Institute for Bible Translation, 2012
iv>