6
7Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала, хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,
8стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а, Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,
9лаьмнаша а, массо гунаша а, массо стом луш долчу дитташа а, дерриге баганан дитташа а,
10акхароша а, муьлххачу даьхнино а, лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,
11лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а, элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,
12къонахоша а, йоӀарша а, баккхийчара а, бераша а.
12
13Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина, Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.
14Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна — Шена уллора халкъ долчу исраилхошна.