Забур 15:1-11 CHE2012 - Bible AI

1 [9] Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела.

2Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».

3Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча, уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.

3

4Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц.

4

5Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу.

6Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду, Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.

6

7Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво. Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.

8Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.

8

9Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а кхерамехь дац.

10ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.

10

11Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агӀор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>