Забур 2:1-12 CHE2012 - Bible AI

1Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?

2Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.

3Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш, церан олаллех паргӀатдевр вай!»

3

4Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.

5ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:

6«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».

6

7 Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох.

8Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.

9Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».

9

10Кхетийша, паччахьаш! Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!

11Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!

12Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду.

12Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!

Institute for Bible Translation, 2012
v>