Забур 23:1-10 CHE2012 - Bible AI

1 [18] Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.

2ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а, хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву.

2

3Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе, я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь?

4Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.

5Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.

6Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран, Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!

6

7Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!

8Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чӀогӀа а волу, тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.

8

9Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву!

10Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>