Забур 24:1-22 CHE2012 - Bible AI

1 [19] Даудан назма. А са [20] Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.

2Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа. Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.

3Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.

3

4Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.

5Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.

5

6Е рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла.

7З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела.

7

8И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна, бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.

9К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо, Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.

10Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.

10

11М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.

12Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь, адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.

13О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.

14П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту.

14

15Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.

16С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.

17Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа.

18У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а, со гӀелваларан а тидам бехьа, сан дерриге а къиношна гечдехьа.

18

19Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш. Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.

20Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со. Хьох тешна Ӏаш волу дела, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.

21Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела, цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.

21

22Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех, Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>