Забур 28:1-11 CHE2012 - Bible AI

1 [24]Даудан назма [25]. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!

2Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша.

2

3Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула.

4Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз.

4

5Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.

6Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам [26], акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту.

6

7Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо.

8Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.

9Сешка кӀорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту [27] Везачу Элан озо. Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.

9

10ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.

11Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>