3
4Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий!
5Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.
6Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
7Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех кхералур вац со.
8ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.
9Везачу Элера ду кӀелхьардовлар. Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.