Забур 33:1-23 CHE2012 - Bible AI

1 [33]А бу-Маликана [34] хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара.

2В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь. Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.

3Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.

4Д екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца. Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца.

4

5Е рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш. Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо.

6З овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу. Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна.

7И штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху.

8К Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.

8

9Л еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг!

10М а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу.

11Н аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу, ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.

11

12О йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа. Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.

13П аргӀат долу дахар дезий шуна? Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?

14Р еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.

15С ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.

15

16Т къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.

17У ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама.

18Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.

19Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.

19

20Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.

21Ш аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю. Царах цхьа а Цо кагйийр яц.

22Э ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву. Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу.

22

23Ӏ азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо. Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>