1 [35] Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.
2 Кара турс а эций, тӀе гӀагӀ а духий, волахьа Хьо суна гӀо дан.
3 ГӀоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагӀий. Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кӀелхьардоккхург».
3
4 Сан синна тӀаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, юха а боьрзийла.
5 Мохо дӀасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дӀа а лохкийла уьш.
6 Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тӀаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.
6
7 Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.
8 ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна. Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.
8
9 Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кӀелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.
10 Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гӀийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.
10
11 Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
12 Ас динчу диканна вон до суна цара. Сан са а ма дуьту дӀатесна цара.
13 Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура. Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца. Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,
14 доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со.
14
15 Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.
16 АстагӀчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.
16
17 Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш? Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех, лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!
18 Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю. Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.
18
19 Харц бахьанашца сан мостагӀий баккхий ма бейтахьа. Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бӀаьргаш ма теӀабайтахьа.
19
20 ХӀунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара, ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.
21 Суна дуьхьал шайн баганаш а гӀиттош, цара олу: «ХӀаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»
22 Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!
23 Сама а валий, суна гӀоьнна дӀахӀоттахьа. Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалх бехказаваккхахьа со.
24 Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тӀехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.
25 Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна: «ХӀара дара-кх оха лоьххург», — аьлла. Ма олийла-кх цара: «ХӀара-м оха дӀакхаьллира».
25
26 Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалх кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла.
26
27 Хазахетарца баккхийбойла со бакъвина хила лууш берш. Хаддаза олийла цара: «Вазлойла Веза Эла, Шен лен ирс хазахеташ волу».
28 Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш, муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.
Institute for Bible Translation, 2012