1 [37] Даудан назма. А мал [38] вон йолчарах Ӏеха ма лолахь, зуламаш лелочарах ма хьегалахь.
2 ХӀунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догӀу ялта санна, маргӀал а лур бу.
2
3 Б илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцӀеналла лар а е.
4 Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу.
4
5 В езачу Элан кара хьайн некъ дӀа а ло, Цунах тешна Ӏаш а хила, ткъа тӀеоьшург Цо кхочушдийр ду.
6 Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю.
6
7 Г Ӏам-гӀим а ца деш, тийна а волуш, Везачу Эле ладоьгӀуш хилалахь. Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу мекарчу стагах ма хьегалахь.
7
8 Д ералла а йиталахь, оьгӀаз а ма эхалахь. Хьайх зулам даллийтал хьагӀ йолуш ма хилалахь.
9 ХӀунда аьлча зулам долуьйтурш хӀаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду.
9
10 Е рриг а хан дукха ер яц, ткъа Ӏесаниг кхин хир а вац. И хиллачу метте хьо дӀахьаьжча, цигахь иза хир ма вац.
11 Ткъа эсала болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду.
11
12 Жирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Ӏесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо.
13 Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хӀунда аьлча Ӏесачун тӀаьххьара де тӀекхочуш хилар го Цунна.
13
14 И ра тарраш Ӏесачара баттара схьадоху, шайн секхаӀедаш а цара тӀехьежадо, къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а, нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а.
15 Тарраш церан шайн дегнех чекхдевр ду, церан секхаӀедаш кеглур ду.
15
16 К Ӏеззиг долу Делан лаамехь болчеран хьал — Ӏесачеран дуккха а долчу хьолал гӀолехь ду.
17 ХӀунда аьлча Ӏесачеран ницкъ бохийна хир бу, ткъа Шен лаамехь берш Везачу Эло чӀагӀбо.
17
18 Л еррина хьоьжу Веза Эла цӀена лелачийн хьашташка, царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду.
19 Буьрсачу хенахь а юьхьӀаьржачу хӀиттор бац уьш, меца хан тӀееача а, буьзна хир бу уьш.
19
20 М аргӀалдоьлла аренан зезагаш санна, Ӏесанаш хӀаллакьхир бу. Везачу Элан мостагӀий, кӀур санна, дӀабовр бу.
20
21 Н агахь Ӏесачо духалург даккхахь, иза юха дӀа ца ло цо, ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дӀало.
22 ХӀунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, ткъа Цо неӀалт кхайкхийнарш дӀалелхор бу.
22
23 О нда чӀагӀбо Везачу Эло адаман некъ, цо йоху гӀулчаш Шена тамехь елахь.
24 Иза, ког тасабелча а, вужур вац, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнан куьг дӀалоцу.
24
25 П оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хӀинца къанвелла. Делан лаамехь верг суна дӀатесна а ца гира, цуьнан тӀаьхье бепиг доьхуш а ца гира.
26 Цо хӀора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло. Цуьнан тӀаьхье декъала а хир ю.
26
27 С овдоккхуш дикалла, зулам дарх дӀаверзалахь — лаьтта тӀехь гуттаренна а вехар ву хьо.
28 ХӀунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дӀа а ца туьйсу.
28 Т ешаменаш абаденналц Ӏалашбийр бу, ткъа Ӏесачеран тӀаьхье дӀаэккхор ю.
29 Делан лаамехь болчарна тӀаьхьалонна латта кхочур ду, уьш цу тӀехь абаденналц бехар бу.
29
30 У ггар хьекъале дерг Делан лаамехь волчун багара схьадолу, цуьнан матто а бакъдерг олу.
31 Шен Делан хьехамаш цуьнан даг чохь бу, ткъа царна тӀера иза дӀа а ца волу.
31
32 Хь оьжуш хуьлу Ӏесаниг Делан лаамехь волчуьнга, иза вен дагахь, кӀело яр лоьхуш.
33 Амма Везачу Эло иза Ӏесачун кара дӀалур вац. Уьш кхеле бевлча, Цо иза бехке а лоруьйтур вац.
33
34 ЧӀогӀа Везачу Эле са а тийса, Цуьнан новкъахула бен ма лела. ТӀаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш, Цо хьан сий дийр ду. Ткъа Ӏесанаш дӀа а лелхор бу, хьуна иза гур а ду.
34
35 Шен орамаш чӀагӀдина волу луьра Ӏесаниг гира суна, сенделла гаьннаш долчу диттах терра волу.
36 Амма со тӀехваьлча [39] , иза ван а вацара. Аса и лоьху, ткъа суна кара а ца во иза.
36
37 Юххерачу цӀена лелаш волчун тергам а бе, догцӀеначу нехан леррина тергам а бе, тӀаьхье машаран стеган хир йолу дела.
38 Ткъа зуламенаш берриш а хӀаллакбийр бу. Ӏесачеран тӀаьхье хӀаллакйийр ю.
38
39 Ӏазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чӀагӀо санна ву, Цуьнгара церан кӀелхьарбовлар ду.
40 Везачу Эло царна гӀо а до, уьш лар а бо. Ӏесачарах Цо уьш паргӀат а боху, царах Цо уьш кӀелхьар а боху, шаьш Цуьнга цара ларбойту дела.
Institute for Bible Translation, 2012