1 [41] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма.
2 Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Ӏесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дӀасацор ю аса.
3 Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира.
4 Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира. Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира. Со сайн маттаца дийца волавелира:
4
5 Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама.
6 Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш [42] санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю. Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх.
7 Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх. Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх.
7
8 Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те? Сан сатийсар-м Хьоьга ду.
9 Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со. Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со.
10 Мотт а сецна, сан багара дош ца долу, суна мел динарг Ахьа дина долу дела.
11 Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа, Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со.
12 Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху. Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх!
12
13 Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа. ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву.
14 ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама.
Institute for Bible Translation, 2012