Забур 39:1-18 CHE2012 - Bible AI

1 [43] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

2Боккхачу тешамца ладоьгӀура аса Везачу Эле, тӀаккха соьгахьа схьавирзира Иза, ас доккху орца а дӀахезира Цунна.

3Кхерамечу гӀу чуьра со хьала а ваьккхина, сацкъаран уьшал чуьра со схьа а озийна, тарха тӀе сан когаш Цо дӀахӀиттийра, ас еш йолу сан гӀулчаш Цо чӀагӀйира.

4Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу.

4

5Декъала ву Везачу Элах тешна Ӏаш волу а, цӀушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Ӏамал ечарах дӀакхетта а воцу стаг [44].

6Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гӀуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара!

6

7СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дӀадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагӀанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагӀанаш Ахь ца дийхира.

8ТӀаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду.

9Хьан лаам кхочушбан лууш ву со, сан Дела! Хьан товрат-хьехамаш сан даг чохь лаьтта».

9

10Боккхачу гуламехь дуьйцура аса Хьан нийсонах лаьцна. Сайн баганна новкъарло ца йора аса, Хьуна ма-хаъара, Веза Эла.

11Хьан нийса хилар сайн даг чохь къайла ца доккхура аса. Хьо тешаме хиларх а, Ахь кӀелхьарваккхарх а лаьцна кхайкхадора аса. Боккхачу гуламна хьалха Хьан хедар боцу безам а, Хьан билггал бакъдерг а ца хьулдора аса.

11

12Веза Эла, сох къинхетам бар Ахьа цкъа а ца сацадо. Хьан безамо а, тешаме хиларо а саццаза ларвойла со,

13хӀунда аьлча барам боцучу бохамаша го бина суна. Сан къиноша, со стенга вала веза ца хаъал, хьалавуьзна со. Уьш сан коьртарчу месел а совдевлла. Сан доьналла а сох дӀакъаьстина.

14Веза Эла, со кӀелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.

15Сан са хӀаллакьхилар лоьхурш юьхьӀаьржачу а хӀуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юха а берзабойла!

16Со емалвархьама, соьга: «Жолам-яӀ!» — бохурш, шайна эхь доссарна, боьхна хьийзийла.

16

17Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Ахь шаьш кӀелхьардахар дезаш болчара «Сийлахь ву Веза Эла!» — саццаза олийла.

17

18Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гӀайгӀа бехьа! Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа!

Institute for Bible Translation, 2012
iv>