5Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош, хӀара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца.
6ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
6
7Сан кийрарчу сино сагатдо, цундела суна Йордан-хин махкара а, Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а дагаоьху Хьо.
9Дийнахь Везачу Эло Шен безам суна тӀехьажабо. Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна — сан дахаран Деле долу доӀа.
9
10Сайн тарх йолчу Деле аса олу: «Ахьа со виц хӀунда вина те? ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь, сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»
11Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал, сан мостагӀашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» — бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.
11
12ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.