Забур 45:1-12 CHE2012 - Bible AI

1 [52] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма. ХӀара йиш «Ӏаламут» олучу мукъамехь ала езаш ю.

2Дела — вайн дӀалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гӀоьнча а ву.

3Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хӀордаш чу дахча а,

4тулгӀенаша гӀовгӀа яьккхича а, хӀордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а.

4

5Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.

6Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.

7Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дӀадели.

7

8Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.

8

9Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гӀуллакхашка.

10Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо, секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цӀергахь дагадо.

11ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.

11

12Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гӀап ю.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>