Забур 46:1-10 CHE2012 - Bible AI

1 [53] Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.

2Ва массо а халкъаш, тӀараш деттийша! Даккхийдеран озаца Деле кхайкхийша!

3Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву.

4Халкъаш вайна муьтӀахь дина Цо. Къаьмнаш вайн когашка охьадехкина Цо.

5Цо хаьржина вайна кхаьчна болу хӀара мохк, Цунна дезаш долчу Якъубан халкъо цунах дозалла до.

5

6Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маӀа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла.

7Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.

8Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала.

8

9Массо а халкъашна тӀехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Ӏаршехь охьахиъна ву Дела.

10Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла ИбрахӀиман Делан халкъаца цхьаьна. ХӀунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу, ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>